ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Адамех ка а йетташ, машенашкахь дIакхоьхьу". Дагестанехь эскаре баха хан йолчу кегийрхошлахь рейдаш йолоийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанехь а, Нохчийчохь а эскаре кхойкхучу кегийчу нахана йукъахь рейдаш йу дӀахьош, хаам бо бакъонашларъярхоша а, адвокаташа а, меттигерчу бахархоша а. Доьшуш хиларна хан дIатеттина студенташ а цхьаьна бертаза дIабуьгу тIеман комендатуре, царех цхьаберш ши-кхо де даьлча эскаре гIуллакх дан дIахьийсабо. Жигархоша чӀагӀдо, лаьцначех цхьаберш Украинина дуьхьал бечу тӀаме хьийсабо бохуш. "Идите лесом" проектан бакъонашларъярхочо Чувиляев Ивана тхан сайте дийцира, мел низамехь дац и тайпа эскаре кхайкхар, муха ларвала веза нуьцкъала эскаре хьажорах а. Оцу проекто гӀо до эскаре кхойкхучуьра к1елхьарабовла а, контракт йинчарна накъосталла до йукъара бовлуш.

– ХIинжа-ГIалахь дIахьочу рейдех лаьцна карарчу хенахь хьуна хууш дерг хIун ду?

– Тхоьга и хаамаш кхача буьйлира бутт гергга хьалха, стигалкъекъа-беттан йуьххьехь. Ткъа ХIинжа-ГIала тахана хьалхарчу меттехь йу кегийчу гIаланашлахь, хIунда аьлча, тоххара рейдаш хуьлура Москвахь а, Петарбухехь а, Челябинскехь а, Екатеринбургехь а, Казанехь а.

Амма Къилбаседа Кавказан шен цхьа специфика йу. Дуккха а хӀуманаш ду цигахь тийна-таьӀна деш, ткъа и хаамаш ца кхочу бакъонашларъярхошка, хӀунда аьлча, цхьаммо а цаьрга орца ца доьху, цхьаммо а ца дуьйцу царех лаьцна. Хуьлуш долчо дагадоуьйту Дербентехь мобилизаци йоьдучу хенахь хилла скандал. Массо а божарий сихонца военкомате бахка беза бохуш, динамикехула мохь хьоькхуш йолу машен урамашкахула дIасахихкича. Дагестанан куьйгалхо оьгӀазвахана вара цу гӀуллакхана, шайн ницкъ кхочучу кепара шайн лакхарчу даржхошна хьалха шаьш мел дика белхахой ду, план а мел дика кхочушъйеш йу гайта гӀерташ санна хьийза уьш элира цо.

Ткъа хIинца Дагестанехь дӀахьош йолу рейдаш Ӏаламат сонта а, пайда боцуш а хетало: автобусаш гӀали йуккъехула лелаш йу, эскаре кхайкха хенаш йолу массо а божарий схьа а лехьош. Нах ка а йетташ, машенка бутту, цул тIаьхьа йист йоккху.

Москвага хьаьжча, ХIинжа-ГIалахь цхьа а тIекхойкху пункт йац (ЕПП) - иза массарна а аьлла йукъара цхьа куп йу. ХӀаъ, хӀара массо а бакъонаш талхор ду. И ЕПП-ш кхуллуш йу, цхьана дийнахь стаг тIекхайкха атта хилийта, массо а тIекхойкху комиссеш а, лоьрийн комиссеш а ницкъ ма-кхоччу сиха а, формалехь а хилийта. Делахь а цхьа хIума дика ду кхузахь, хьуна хууш хуьлу, и стаг мичахь лаха веза. ХӀинжа-ГӀалахь уьш маьрша йолчу тIеман комендатурашкахула дIасатекхабо. Эххар а оцу кегийрхойн гергарнаш ма-дарра аьлча, тӀеман тептаршна а, военкоматашна а йукъахь сихбелла лела декхаре хуьлу, шайн гергара стаг мичахь ву тIекхиа гIерташ.

– Оцу йукъанна буьйцурш бу, низамо Iалашбен доьшуш болу студенташ а.

– ХIаъ, ХIинжа-ГIалахь уьш а бу. Денна дIа а лелаш доьшуш волу студент институте дIа ма-хIоттара, оцу мIаьргонехь Iалашвина хуьлуш вац. Цуьнан военкомате ваха деза, ша доьшуш хиларх тоьшалла дIагайта деза, оцу студентийн кара тIекхойкхуш кехат ло, диплом схьаэца кечамаш бечу заманчохь

Дукха хьолахь нисло, доьшуш хилар бахьана долуш хан дIататтарх гIуллакх ца хуьлуш, хIунда аьлча, хьалха кхаа секундехь мухӀар тухуш хилла и коьрта тоьшаллин кехаташ хӀинца институто хала дӀалуш ду. Дукха хьолахь, хӀора гезгамашин- беттан хьалхарчу дийнахь кӀентийн рагI дIахIуттура, цхьана минотехь дерриге а оьшу документаш церан карахь хуьлура. ХӀинца цхьацца проблемаш дӀайуьйлало, и хӀума Украинина дуьхьал тӀом болабелчхьана схьадогIуш ду. ТIеман комендатурашкахь а: цкъацкъа делкъанна хӀума кхоллуш хуьлу, цкъацкъа могуш боцуш хуьлу, цкъацкъа белхахо цигахь вац олу.

Цул сов, 4-чу курсан студенташца масех гӀуллакх хилира тхан – карарчу хенахь бакалавран дешар чекхдоккхуш болу нах бу уьш. Церан бакъо йу гурралц дипломан болх йазбинчул тIаьхьа садаӀа, хӀунда аьлча, царна хан оьшу сацам бан: магистратуре гIор йа балха хIуттур, йа шолгӀа лаккхара Iилма карадерзо деша хIуттур. Ткъа оцу гIуллакхна маьрша хила веза, и хан низамо магийна йу цунна. Амма кест-кеста тидаме ца оьцу, оцу рейдашкахь а санна. Дешна бовлуш болчарна повесткаш ло, дипломан болх чу лучу дийнахь ма-дарра аьлча, йа кхин а хьалха–и тайпа хилла гӀуллакхаш а долуш ду.

– Цхьа а шатайпа, кавказхойн специфика гой хьуна рейдийн шен Ӏаламехь?

- Къаьсттина рейдашкахь йу олийла дац, амма, шеко йоццуш, кавказхойн специфика йу адаман а, Ӏедалан а йукъаметтигех лаьцна долчу массо а хӀуманна тӀехь. Вай тешна ала йиш йу, Кавказехь полисхоша а, тIеман комендатурашкара белхахоша а шога болх беш хиларх. Амма ас эр дацара, цхьа шатайпа, цӀена дагестанхойн хӀилланаш ду адамаш лечкъор аьлла. Москвара полици кхин а говза йу – бехк ма билла, церан Дагестанера белхан накъосташна Iуттуш ца боу ас, мелхо а, уьш хастош боху.

Москвахь ницкъахойн шайн хьаштдерг дойла йу. ХIинжа-ГIалара полисхой дукха дика кхеташ бу, шаьш лачкъийна стаг шайн гергара хила тарлуш хиларх, масала.

- И стаг каравахначул тIаьхьа, хIун некъаш ду цунна гIо дан?

- Москвахь лелош йоллу кепаш йу-кх, цу тIехь цхьана а кепара башхалла йац. Цкъа делахь, дика хир дара лоьрех чекхваьлла, лазар, цамгар йу аьлла, цаьргара кехат цо шеца цхьана лелош хилча, йа цхьацца бахьанашца эскаре ваха таро йац аьлла. Гуттар а дика хир дара, тхан коллегаша-юристаша ма-аллара, документаш йукъахь долу папка шеца лелош хилча чу-ара волуш. Ткъа оцу папки чохь хилийта могуш цахиларх лоьраша делла тоьшаллин кехаташ, доцца аьлча, медицина карта даим а хьан карахь хила дезаш ду-кх, оьшуш меттиг нисбелча полисхошна дIагойтуш. Дукха хьолахь, цунах тоам хуьлу и стаг военкомате ца вигийта йа а повестка кара а делла, дӀахеца, тӀаьхьо цара къовсаме доккхур ду и гIуллакх.

ЩолгIа коьртаниг- шайн гергарчу нахаца даим а зIенехь хила беза уьш.

ХӀунда аьлча, коьрта инзаралла а, коьрта кхерам а бу цара хьо схьалацар, хьан мобилан телефон а, документаш а дӀадахар, хьо мичахь ву цхьанна а хууш цахилар. Радарера дӀавайна-кх хьо. Цундела дика хир ду, гергарчаьрца барт а бина, хьайца сигнализацин цхьа нуьйда ахь лелош йелахь, и тӀе а таӀийна, хаам бийр бу ахь хьо тIеман комендатуре вуьгуш ву аьлла. Дика хир дара, муьлхачу военкомате хьо вуьгуш ву а, хьайн нахе дIаала хьан ницкъ кхаьчча. И ши хIума кхачаме хир дара, гIуллакх ирча ца дерзийта.

- Эскаре кхайкха хан йолу Дагестанехь полисхойн каракхаьчначу нахана цхьана агIор гIо дан хьийзий шу?

- ХӀаъ, оха царна консультаци ло, церан гергарчаьрца а зӀенехь ду тхо. Кегийрхоша шаьш а йаздо тхоьга, хоьттуш: "ХӀун дан деза сайна и тайпаниг тӀехӀоьттича?" Лакхахь дина хьехарш карладоху оха, цара дан оьшург а, ца оьшург а хьоьху. Амма хIоранца а. ХӀора стеган шен-шен хьал ду, военкоматца шен-шен йукъаметтигаш йу. Цхьаберш "уьдуш бу", цхьаболчийн низамехь бакъо йу ханна тIе ца кхайкхийта йелла, цхьаберш могушаллица проблемаш йолуш бу, цхьаберш доьзал а, дукха хан йоццуш дуьненчу даьлла бер а долуш бу. Оцу дерригено а цхьана кепара йа вукху кепара хьан хьолана тӀеӀаткъам бо

  • 2025-чу шарахь эскарехь гIуллакх дан тIекхойкхур ву 160 эзар стаг, тӀаьххьарчу 14 шарахь уггаре а дукха эскаре кхайкхор ду хӀара. Охан-беттан 1-чу дийнахь дӀайолаелла и бIаьстенан кампани лаьттар йу товбеца-беттан 15-чу дийне кхаччалц. Йоллу пачхьалкхехь цкъа а ца хиллачу кепара низамаш талхорах а, массо а агӀор рейдаш йарх а бакъонашларъярхоша дуьйцу. Дарба ца хуьлу цамгарш йолу нах а, лоьраша эскаран гIуллакх дан гунахь бац аьлла, мукъа битинарш а цхьана дийнахь кехаташ а хIиттош, эскаре бахийта хьийза.
  • Краснодарехь оьрсийн эскархоша лаьцначу бӀе гергга стагах лаьттачу тобано бунт гIаттийнера. ВорхӀ стеган вада аьтто баьллера, амма уьш берриш а дукха хан йалале йуха а лийцира. Кавказ.Реалии сайто теллина, тылехь эскархой массо а агӀор кӀелхьара бовла гӀортарх хууш долчух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG