"Ахмат" цIе йолчу нохчийн спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис Сочера динан дайх "оба йоьхна тентак" аьлла, православин жигархошна йукъахь оьгӀазло эккхийтина цо и алар бахьана долуш. ХIара дуьххьара хилла хIума дац лаккхара даржехь волу кадыровхо нахала а волуш, девне вуьйлу. Украинана дуьхьал тӀом болабелчхьана дуьйна, цуьнан хӀинцале а дов даьлла ультрааьтто агӀончашца а, z-патриоташца а, Курскан кӀоштан бахархошца а, оьрсийн пропагандисташца а, шен махкахошца а. Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу гонера стеган болх и бу-те, йа шен лаамехь цо лелош хIуманаш ду-те уьш - дуьйцу кху материалехь.
Оьрсийн православин килсаца тӀаьххьара иккхина дов доладаларан бахьана дара стигалкъекъа-бутт чекхболуш бина хилла хьехам. Шен къамелехь схиигумен Гавриил (Виноградов-Лакербая), Сочира Валааман килсан куьйгалхочо дийцаредора динан маьIнех лаьцна. 20 минотехь йаьккхинчу видео тӀехь цо критика йира масонашна а, коммунисташна а, "хиндерг хууш хиллачу" Вангина а, дIахьедира дерриг а дуьнентӀехь къайлаха бина барт хиларх а, Дажжалан "дуьненан Ӏедалх" а, ишта кхайкхам бира православин нахе шайн динехь цхьаьнакхета аьлла, бусулба нах масална а балош.
"Хьовсал, церан коьртачу маьждигна гена йоццучу Машаран проспектехь хуьлуш долчу хӀумане, цара ГӀурбан Ӏийд дӀахьочу деношкахь, 12 аса йолчу боккхачу некъа тIехь дIасалелаш машенаш а ца хуьлу. Йоллу меттиг адамаша дӀайуьзна хуьлу - ткъа уьш бу хьуна божарий, могуш болу, маларх кхеташ боцу, спортзалашка а лелаш Iаш болу. Дийнна цхьа эскар ду-кх и. Нагахь санна, цхьана дийнахь моллас Москвара бахархошна арсаш хьекха шайга алахь, ас билггал дIа боху шуна, цара оцу сохьта кхочушдийр ду и омра. ХӀунда аьлча, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан ка йер йац дош ала а, цаьрца ларон а. ХIунда бу уьш сил ницкъ болуш? ХIунда аьлча, дино вовшахтоьхна бу уьш, церан дин нийса дацахь а", - дIахьедира мозгIаро.
Сан хаттар ду – хьо мила ву, оцу кепара къамел дан?
Оцу къамелана жоп дала сих ца белира - Алаудинов Аптис шен телеграм-каналехь диъ де даьлча дийцира цунах лаьцна. Оцу йерриге а хенахь ша ладоьгIуш Iаш вара бохура цо, мозгIаран накъосташа иза меттавалор ву, цо аьлларг нийса дац аьлла, цхьа агIо йийр йу моьттуш. Кхин цара жоп лург а ца хилла, видеокхайкхам дIайазбинера цо.
"Оба тIейоьхначу цхьана тентако, Дажжалан эскарийн векало, ши миллиард болчу бусулба нахе дӀахьедо, церан ийман нийса дац бохуш. Сан цхьа хаттар ду - хьо мила ву и тайпа хӀуманаш дийца?" – хаьттира "Ахматан" буьйранчас, шайн декъехь кхоьллинчу байракхна хьалха: ахбеттан хьаьрк йолчу Нохчийчоьнан байракхна а, жӀар йолчу Оьрсийчоьнан байракхна а йуккъехь Кадыров Рамзанан ден Ахьмадан сурт ду.
Схиигуменах лаьцна вистхиллачул тIаьхьа, тIеман буьйранча кхерамаш тийса а, лен а волавелира, бехкзуламан низамаш дохийначу нехан терго ца йарна.
Аладудинов Аптис къамел динчу шолгIачу дийнахь схиигумен Гавриила Сочера Валааман килсан хьаькам волчуьра дIаваьккхира.
Соьлжа-ГIалин "векал" ву?
2003-чу шарахь дуьйна вара 77 шо долу Виноградов Гавриил Сочера скитан а, Валааман килсан а куьйгалла деш ву – цига зударий ца буьту, ткъа зияртхойн чубаха йиш йац схиигумена пурба делла дацахь. Игумен N цIарца Виноградовс арахецна масех книга, масала, "Стенах вай "кӀелхьара даха" лууш бу НЛО, экстрасенсаш, оккультисташ, магаш?", "Ванга православин динца йара?", "Цхьана ширачу кхерамах лаьцна. Мила, муха дакъазавоккху бозбуанчаша". МозгIар бехкево антисемитизмана а: масала, шен цхьана хьехамехь цо дийцаре дира "жуьгтийн динан дай йилбазан бераш хӀунда ду".
Иза дIаваьккхинчул тIаьхьа, билггал долу бахьанаш дуьйцуш дац, православин жигархой а цхьаьна бисхилира. "Сорок сороков" боламо тIедожийра Алаудинов Аптина дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккха делах тешачийн дог-ойла аьшнаш йарна а, цабезам а, мостагIалла а гIатторна. Иштта кхайкхам бира Оьрсийчоьнан тIеман министраллин Коьртачу тIеман-политикан урхаллин куьйгалхочун гIовс волчуьра а иза дIаваккха аьлла.
Цул совнах, Москвахь хIоттийначу гуламехь масех бIе стага, Валааман килсехь Виноградов шен даржехь йуха меттахIоттавар тIедожийра. Жигархошна хетарехь, "бакъонан а, гIиллакх-оьздангаллин а, синан а бакъонийн шогачу гурашкахь дара" цо аьлла дешнаш.
Цул тӀаьхьа Алаудинов Аптис къинтӀера валар дийхира схиигумене - амма ша иза сийсазварна. 10 минотехь дIайазйинчу видеон йисинчу декъехь кадыровхочо къедораш йеш бехке во динан да "мостагӀчунна там беш ву", Оьрсийчуьра "хьал талхош" аьлла. Алаудиновс гечдар дехар тIе ца ийцира православин жигархоша.
Нохчийн буьйранча воцчо, Виноградовс бинчу хьехамах бехк баьккхира иштта муфтийс, Оьрсийчоьнан Азин декъара бусалбанийн Динан урхаллин куьйгалхочо Аширов Нафигуллас. Патриархе Кирилле а кхайкхамбира цо, мозгIар йемалве аьлла. РПЦ-хь хиллачух лаьцна хIинца а комментарий йина йац.
Исламан динан талламхочунна, "НЕРУССКИЙ" телеграм-каналан авторна Мухаметов Ринатана хетарехь, шен оьгIазечу вистхиларца Алаудиновс тидам дIабоккху коьртачу хаттарна тIера а.
Гуш ду, пачхьалкхана шена а ца хаьа, оцу хиллачух лаьцна хIун ала деза
"Соьлжа-ГӀалахь болчара дукха хенахь дуьйна жоьпаш луш ду шайн критикашна, йа аьтту агIор болчара, йа православин гонашкара болчара дечу къамелашна. Амма Оьрсийн православин килсехь хуьлуш дерг, цуьнан векалша, дикка лакхарчу даржашкахь болчара, пачхьалкхана шайгара хаза луург стенна ца олу,- иза цу хьолехь кхин а мехала хаттар ду. Ткъа гуш ду, пачхьалкхана ша цу хӀуманна муха реакци йан еза ца хаьий, хӀунда аьлча, тхуна ца гина Ӏедалшкара цхьа а жоп", - бохуш, дийцира эксперто.
Украинина дуьхьал тӀом болабелчхьана дуьйна кест-кеста йукъараллин конфликташкахь нислуш ву Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца гергарло лелош волу Алаудинов Апти. Цул совнаха, цуьнан дуьхьалончаш нислуш бу тайп-тайпана адамийн тобанашкара нах, ур-атталла Ӏедалехьа болчарна йукъахь а. Масала, гезгамашин-баттахь Алаудиновн z-тӀеман корреспонденташца дов даьллера Краснодар-махкахь. Нохчийчуьрча схьабевлла бахархой а цхьаьна бара цу девна йукъахь. Цул тӀаьхьа бутт баьлча, йуха а конфликт хилира, тӀамна гӀортор йечу блогершна йукъара критик волчу Гузенко Егорца хилла дов дара и. Цул тIаьхьа ши кӀира даьлча, герз лелош, харцахьа леларна бехкевина лецира иза
Кадыровхочунна а, Iедалехьа болчу жигархошна а йукъахь девнаш дийла бахьана хилира, масала, "Ахмат" берийн лагерь кхоллар, йа нохчийн эскархоша кепаш хIиттош видеош йахар, уьш бахьана долуш тIеман йуьххьехь дуьйна царна тиллина цIе йу "Тикток-эскарш аьлла. Гуш-хезаш даьхначу девнашкахь Алаудиновн оппоненташ хилира пропагандисташ а цхьаьна (тележурналист Соловьев Владимир), Курскан кIоштан бахархой, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхо Пригожин Евгений, йийсаре бахна хилла нохчий- шаьш дайъийта йийсарехь аьлла, кхайкхамбира цо хIетахь.
Оцу кепара Iиттаршца а, вистхиларца а, Соьлжа-ГIалин спикер ша волуш санна дIагойту Алаудиновс, тешна ву бусалба динан талламча Мухаметов Ринат.
"Оьрсийчоьнан дуьненахь цу дуьхь-дуьхьал латтарехь официалан Соьлжа-ГIалина гуш йу шайн Iалашонех цхьаъ. Оцу гӀуллакхо нохчийн Ӏедална легализаци йо, церан интересаш чӀагӀйо. Цара йерриг а Оьрсийчоьнан патриотизман, суверенитетан, барт ца хиларан, Малхбузенна юкъара дуьхьалонан тема лелайо, кхечу хӀуманашца цхьаьна, Нохчийчохь а, юкъарчу Оьрсийчохь а шайн политикан позицеш чӀагӀъярхьама", - бохуш, кхетийра Мухаметовс.
Политолога Айсин Руслана шен кхечу кепара хьажам бовзийтира. Цунна хетарехь, кӀезиг бу кадыровхошлахь а, Оьрсийчоьнан Ӏедалан структурашлахь а вовшашца барт болуш лелаш берш.
"Куьйгаллин компетенцеш а, политика йукъаралла а Оьрсийчохь сийсазлуш а, доьхна догIуш а ду. Алаудиновна а, цунна тӀехь ставкаш йеш берш а тешна бара, шина гӀанта тӀехь хиъна Iойла ду аьлла (Оьрсийчоьнан боллу бахархошна гергахь турпалхо хилар - Ред.), амма ишта хуьлийла дац. Кризисан хенахь муьлхха а позицих къастош дуьйцуш хила деза. Кхузахь шина маьIнехь хIума дуьйцийла йац, хьал дуладелла хилар бахьана долуш. Цундела, суна хетарехь, кхузахь барт бохар ду галдаьлларг. Суна хетарехь, бохура Айсина.
Аргумент санна Айсина далийра де хьалха блогерца, совдегарца Щепихин Арегца хилларг. Мангал-беттан 3-чу сарахь Москвара Ярославан цӀерпоштан вокзалехь лачкъийна, "Мерседес" машенахь дIавигира иза.
Талламан комитето дӀакхайкхийна, Щепихин лачкъорца доьзна бехкзуламан гӀуллакх долийна аьлла. Официалан йоцчу информацица, Нохчийчуьрчу Пачхьалкхан Думан депутатан, Кадыров Рамзанан уллерчу доттагIчун Делимханов Адаман гонера нах бу цу гӀуллакхна бехкебийраш. "Йалх стаге" бехкаш кховдийна - стаг лачкъорна а, шайгарчу даржел тIехбийларна а. Амма уьш берриш а дӀахецна, цIера дIасабовлар а дихкина. Ткъа лачкъийна вигина бохург СИЗО-хь витина лаьцна, нохчий сийсазбеш, мостагIалла, гамо йаржош видеош йаржорна бехке а вина.
• Оьрсийчоьнан тӀеман блогерша видео зорбане йаьккхинера, цу тIехь нохчийн "Ахмат" спецназан эскархо ву бохучу стага Курскан кӀоштарчу Суджа гӀаларчу гӀишлонна тӀе гранатомет йетташ гойтуш. Нохчийчохь харцдира, и дакъа цу инцидентехь дакъалаьцна хилар, z-блогерш бехке бира, "Ахматан" сий даъйа гӀертарна.
• "Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис дIахьедира, кху тӀаьхьарчу шина шарахь ша куьйгалла дечу декъехь нохчий кӀезиг бара аьлла – дукхахберш йоллу Оьрсийчура вовшахтоьхна лаамхой бара бохура. Цо бахарехь, тIом болабелчхьана оцу спецназах 23 эзар гергга стаг чекхваьлла.