ГIалгIайчохь маьхза латтанан дакъош декъна Украинехь тIемаш бинчу декъашхойн 600 гергга доьзалашна. Дуккха а бIенашкахь кхинболу "льготникаш" тIаьхьа а буьтуш, хьалхабаьхна уьш. Оцу хьоло Дагестанехь хIинцале а къаьмнашна йукъара хьал эгIийна. Кхинйолу республикаш сих хIунда ца ло Кремло дIахьебина барам къобалбан – дуьйцу тхан материалехь.
Украинехь тIемаш бинчарна маьхза латтанаш лучу омрана куьйг йаздинера Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира 2023-чу шеран мангал-батахь. Москва а, Санкт-Петербург а, Севастополь а йоцчу массо а субъекташна тIедожийра, Украинана дуьхьал тIемаш бинчу Оьрсийчоьнан эскаран а, Росгвардин а декъашхошна, церан доьзалашна а оцу кепара "льгота" луш къепе кечйар.
Маьхза латтанаш даларе хьоьжуш рогIехь лаьтташ иттанашкахь эзара стаг волчу йукъанна, ГIалгIайчоьнан Iедалхой а буьйлабелира Путинан омра гучу а далале тIамехь дакъалаьцначарна дакъош дIасадекъа.
Йуьхьанца оцу кепара барам кхочушбора "ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун Калиматов Махьмуд-Iалин тIедилларан гурашкахь" - сертификат уьш бехачу кIошташкахь луш дацара, тIаьхьо президентан омрана тIехь билгалдаьккхина ма-хиллара, луш дара Наьсаран кIоштахь.
2023-чу шеран охан-баттахь маьхза латтанан дакъош дийкъира ГIалгIайчохь 56 доьзална, марсхьокху-баттахь - 73. Оцу йукъанна, цу кепара "льготаш" хIиттош документ тIеийцира Халкъан гуламо рогIерчу шеран товбеца-баттахь. Стигалкъекъа-бутт йуккъе баьллачу заманчохь мехкан урхалхочо дIахьедира, шайга дехаре ваьллачу веаннах кхаанна хIинцале а дакъош кхаьчна аьлла. Шина шарахь дехар динчу 764 стагах 564 ву иза.
ТIом бинарш боцурш, оцу кепара льготе догдохуш буобераш а, дукха бераш долу доьзалаш а, заьIапхой а, къоьллехь бохку доьзалаш а цхьаьна бу. Латтанан дакъошка хьоьжуш, ГIалгIайчохь чоьтехь болчу нехан терахьан тIаьххьара зераш Росстато зорбане дехира 2023-чу шеран жамIашца. ХIетахь тептара тIехь 8748 доьзал бара. Царех дукхахберш дукха бераш чохь долу хIусамаш а, доха доллучу цIа чох Iаш болу бахархой а бара – берриг а 7978 доьзал. Оцу йукъанна тептарехь хила тарло масех категорешкара цхьа нах.
Дакъош дац?
Къилбаседа Кавказан дукхахйолчу республикашкахь сихлуш бац тIеман декъашхошна лерина федералан тIегIанехь тIеэцна льготаш кхочушйан ши шо даьллачул тIаьхьа а.
Къилбаседа ХIирийчоьнан бахаман-латтанан йукъаметтигийн министр волчу Тедеев Руслана дIахьедира, 2023-чу шеран зазадокху-баттахь латтанан дакъош даларх республикера Украинехь тIемаш бинчарна. Оцу кепара барамах лаьцна дIахаийтира цо Путина омра дале, бохура ишта хьалхо шайн гергарчу нахана латтанаш декъаначу йуьртдайшна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дохур ду а олуш.
Делахь а, оццу шеран гезгамашин-баттахь Аланера «Единая Россия» партин декъан секретаран гIовса Едзоев Марата мукIарло дира оцу кепарчу льготе Къилбаседа ХIирийчуьра эскархойн дог дохийла йац "латтанийн къоьлла хиларна" аьлла. Уьш бехачу меттигашкахь ло аьлла латтанан дакъойн меттана бахаман сертификаташ далар хьийхира республикехь, цаьрга шайгга уьш хIусамех хийцийта. Махкахь маьрша латтанаш цахиларх лаьцна министро Тедеевс билгалдаьккхинера 2015-гIа шо чекхдолуш.
ТIеман декъашхошна маьхза латтанаш декъа бакъо лун цхьана а тайпа низамаш дахарехь хийцамаш бина бацара 2025-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Къилбаседа ХIирийчохь. Мехкан пачхьалкхан фондан "Даймохк ларбархой" декъан сайтехь йа маьхза латтанаш, йа бахаман сертификаташ билгалдаьхна дац хIиттийначу льготийн тептарехь.
Уьш йолуш санна гайта, депутаташа тӀеийцира низаман проект, цо бакъо лора тIамехь даъкъаьцначийн буоберашна латтанийн дакъош уггар а хьалха дӀадала бакъо луш йолу. Оцу сацамо цхьа а керла категори ца кхоьллина льготникашна аьлла – цул сов, республикерчу 24 вахархочунна бен маьӀна долуш йац низаман проект, кхетийра къинхьегаман а, социалан кхиаран а министро Айдарова Алинас. Верриг а 9,6 эзар сов доьзал бу Къилбаседа ХӀирийчохь лаьттан дакъош эца сатуьйсучу тептарехь, боху стохка шо долалуш бинчу хаамашца. Латтанан дакъош дезаш берриг а 9,6 эзар доьзал бу рогIехь Къилбаседа ХIирийчохь.
ГIебарта-Балкхаройчохь ши шо а ду президентан сацам тергамза буьту. Оцу кепара льготаш луш документ тIеэцнера депутаташа стигалкъекъа-беттан 22-чохь. Латташан даларе сатуьйсуш республикера 10 эзар гергга вара 2021-чу шарахь, 2022-чу шарахь латтанан дакъош декъар жигарадаьккхира, ткъа 2024-чу шарахь дехарш чу деллачийн терахь лахделира 6,8 эзаре.
Йукъара хьал тоделлехь а, латтан дакъа эца сатуьйсуш долчу буоберийн терахь, мелхо а, 2020-чу шарахь 1126 хиллачуьра 2023-чу шарахь 1234 кхаччалц хьаладаьллера.
Луларчу Кхарачой-Чергазийчохь регионалан низамехь бахаман-латтанан йукъаметтигаш ларйарехь хийцамаш тIеэцнера 2023-гIа шо довш – цунна тIе туьйхира Украинехь тIемаш бинчара маьхза латтанан дакъанаш дала таро хилар. Амма массарех а хьакхалуш дацара и низам, льгота кхачош йара беллачийн доьзалашна а, Оьрсийчоьнан орденашца совгIаташ динчарна а. Льгота а луш йу, нагахь санна "маьрша латтанан дакъош делахь", билгалдоккху республикера министраллехь, ткъа латта а шаьш лаха дезаш ду оцу наха. Маса стага пайдаэцна цу льготех а, хууш дац.
Нохчийчохь 2024-чу шеран йуьххьехь маьхза латтанаш дакъош дезачийн терахь ГIалгIайчохьчул а, Кхарачой-Чергазийчохьчул а, ГIебарта-Балкхаройчохьчул а, Къилбаседа ХIирийчохьчул а дукха дара. РогIехь 47 эзар доьзал бара. Царах нийса ах гергга йарташкахь латтанаш дезаш бу. ШолгIа доккха дакъа ду къона доьзалаш – уьш 14 эзар гергга хуьлу.
Къилбаседа Кавказан кхечу мехкашка хьаьжча, Нохчийчохь льготехь йала кечйен хIусамаш хьалайеш йу Кадыров Ахьмадан фондо, иштта дIахьедора Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша.
Гарехь, Украинехь тIемаш бинчарн а, церан доьзалашна а хьалха хIусамаш йалар коьрта дац: масала, стохка марсхьокху-баттахь таро йоцчу нахана а, заьIапхошна а лучу хенахь йийкъира царна а Соьлжа-ГIалара петарш.
"ХIуъа дина а латта лахар"
Уггаре а ира лаьтта латтанаш декъарх долу хаттар Дагестанехь. Лаьттан льготаш нисйеш долу регионан низам кхузахь тӀеэцна 2024-чу шеран мангал-баттахь – цул хьалха латтанаш доьхуш болчу эскархошна меттигерчу администрациша дуьхьало йора. Украинана дуьхьал тIом бинчарна 9 баттахь дIадийкъира 600 сов латтанийн дакъош, дийцира чиллан-баттахь республикан латтанийн а, бахаман а юкъаметтигийн министралло. Маса доьзало дехар чуделлера а хууш дац.
Дагестанехь федералан норма йукъайаккхар хаъал тӀаьхьадисина хилар а, тӀамехь дакъалоцучарна луш долу латта кӀезиг хилар а кхетадо хӀинцале а сатуьйсуш Ӏаш болу нах алссам хиларца, билгалдоккху республикерчу йукъаралхочо редакцица хиллачу къамелехь.
"Масала, латтанийн дакъош догIучу оццу баккхий доьзалш болчарна уьш ца делира, республикехь массанхьа а бохург санна официалехь олуш дерг цхьаъ дара- латтанийн фонд йоцуш йу. Ткъа тӀаккха массанхьа а цхьатерра дӀадолийра, хIуъа дина а, шайн болчу ницкъашца, хIинццалц схьа дац боху латтанаш лехар, йа кхин дIоггара чуьрабевлла уьш карон лууш Iедалхой а бацара. Тамашен хIума дара",- билгалдоккху къамелхочо.
Къилбаседа Кавказан мехкашлахь цхьаъ йу Дагестан, латтанашка хьоьжучийн терахь лах ца лучех, мелхо а и терахь десташ схьадогIу. Росстатан зерашца, 2019-чу шарахь 60 эзар бара уьш, ткъа 2024-чу шеран йуьххьехь – 63 эзар.
Коьрта проблема – латтанийн къоьлла, тIетов дагестанхойн журналист а (кхерамзалла ларйеш цIе къайлахьо оха.
"Дагестанан дукхаха болу бахархой гӀаланашкахь бехаш бу. Цигахь латтанаш кIезиг ду. Лаьттан дакъош дукха бераш долчу доьзалшна дала дезаш хилар тидаме эцча, раьгӀнаш лаьтта гӀаланашкахь, и тайпа доьзалш норма хиларе терра, уьш дукха бу Дагестанехь. Амма массарна а ца лаьа лаьмнийн йа кхечу кIошташкахь латтанаш схьаэца, йа цигахь а латтанийн къоьлла нисло царна", - бохуш, кхетадо цо.
Республикера Халкъан гуламан ветеранийн а, Украинехь тIемаш бинчийн а гIуллакхийн комитетан куьйгалхочуьнца хиллачу кхеташонехь Магомедов Iабдуллас дийцира хIинцале а латтанаш декъначех "хаамаш карлабаха" беза, ишта "гIаланаш а, кIошташ а Iитталучу проблемех" лаьцна а.
Ишта проблеме йолчех йу Новолакан кIошт. Цуьнан администрацин векалш тIаьххьарчу кхаа беттачохь мел кIезиг а йалхозза цхьанакхийтира Украинехь тIемаш бинчу декъашхойн доьзлашца.Iедалхошка гIо доьхучу хIораннан а цхьа хаттар хуьлура - латтанан.
Тоххара Дагестанера Новолакан кIошт а, Казбековн кIоштан ши эвла а Iовхойн кIошт лоруш йара. 1944-чу шарахь Сталинан депортаци бахьана долуш 16 эзар нохчо-Iовхо Казахстане а, ГIиргIазойчу а дIахьажийнера. 1957-чу шарахь, махка йухабирзича, Iовхошна дихкира шайн дай баьхначу латтанашкахь охьаховша.
Стохка марсхьокху-баттахь Казбековн кӀоштара Ленинаулехь а, Калинаулехь а тӀеман ветеранашна латтанаш декъа долийча, кхин а карзахделира цигахь хилла къаьмнашна йукъара дов. Лахьан-беттан йуьххьехь Казбековн кӀоштара Украинехь хиллачу тӀеман декъашхоша мехкан куьйгалхочуьнга Меликов Сергейна леринчу видеохаамехь дийцира, меттигерчу нохчаша латтанаш толлучу дозанаш тӀера билгалонаш дӀайохуш, латтанаш дӀасадоькъучу белхана питанаш деш ду аьлла. Шайна догIучунна, нохчийн йукъараллин векалша кхетийра, иштта дӀасадекъар бахьана долуш, дукхахдолу латтанаш суьлешка дерзон долийна, ткъа иза бӀостане ду Iовхойн кӀошт меттахӀоттон йолчу Iалашонашца.
Карарчу заманчохь Казбековн кӀоштахь хьалха билгалдаьхна долу дакъош хӀинцале а дӀасадекъна, дийцира Калининаулерчу цхьана вахархочо редакцига. Цо бахарехь, дуьйцург ду 2 эзар латтанан дакъа - ткъа царах цхьадерш хӀинцале а дохка долийна: йуккъерчу барамехь, шайна мах боцуш кхаьчначу латтанех долахоша доьху тахана 700 эзар сом.
- Дагестанерчу Казбековн кӀоштара Ленинаул олучу йуьртахь Iовхойн-нохчийн хилла маьждиг дIадохийра. Дагестанхойн муфтиятан векалша чӀагӀдо, цуьнан метта керланиг дийр ду бохуш – ткъа иза хир дац йа «суьлийн» а, йа «нохчийн» а. Маьждиг дохор дийцаре дан гуллур болуш бу Къилбаседа Кавказерчу массо а Динан урхаллашкара Iеламнах.
- Къилбаседа Кавказера къаьмнаш махках даьхна 80 шо даьллачул тIаьхьа репрессеш лайначийн тIаьхье хьийза кхелашкахула реабилитаци йайта. 1991-чу шарахь репресеш йинчу нахах тIеэцначу низамо церан бакъонаш йухаметтахIиттон йезаш йара, амма кхин дIоггара цхьалха даьла дац и хаттар. Тхан сайто къамел дира эксперташца, тахана реабилитаци йина аьлла статус йаккхар – цхьа нагахь бен хуьлуш хIунда дац аьлла.
- Нохчийчоьнан премьер-министро Даудов Мохьмада, нохчий а, гӀалгӀай а махкахбаьхна 81 шо кхачарца доьзна дӀабаьхьначу мемориалан барамехь, дош делира Iовхойн кIошт меттахӀотто. Цуьнан цхьа дакъа ду хӀинцалерчу Дагестанан Новолакан а, Казбековн а кӀоштийн дозанаш тIехь.