"Кадыровхой мел чӀогӀа Ӏедална мутIахь хиларх, уьш царна хийра бу". Инстаграмехь нохчий сийсазбечу стеган гӀуллакхах

Щепихин Арег , социалан машанашкара схьаэцна сурт

КӀира сов хан йаьлла нохчий а, бусулба нах а интернетехь сийсазбеш хилла совдегар а, блогер а волу Щепихин Арег лачкъийна. Карарчу хенахь иза лаьцна латтош ву. Москвара Ярославан цӀерпоштнекъан вокзалехь Щепихин "Мерседес" машенан багажник чу а виллина, дIавигина нах – маьрша бу. Лачкъийна вигина вара иза, йа бакъонца лаьцна вара-те бохуш, федералан Ӏедалша а, Соьлжа-ГӀалано а иза къуьйсучу хенахь, дозанал арахьарчу нохчийн оппозицино дийцаредо Оьрсийчоьнан юкъараллехь ксенофоби кхуьуш хиларх. Тхан сайто листира и дов, Кадыровн рожана дуьхьал болчу наха а, цуьнан агIончаша а муха тидира.

Щепихин лаьцна вигира мангал-беттан 3-чу сарахь. Цул а масех сахьт хьалха нохчийн блогеро Макалов Сахьаба репост йинера бизнесхочун инстаграмера цхьана видеона, цу тӀехь цо, вевзаш воцчу стаге вистхуьлуш сийсазбо нохчий, АллахӀах а, КъорӀанах а лаьцна боьха къамелаш до: "Дела вац шуна ахча луш верг - цунах Оьрсийчоьнан бюджет олу" бохуш.

Цул тӀаьхьа масех сахьт даьлча, машенан тховтIехь лепаш чиркхаш долуш, пачхьалкхан номерш йолчу "Мерседес" машенан багажник чу виллира Щепихин. Машен, журналисташа дийцарехь, Федералан хадархойн сервисан (ФСО) цIартIехь дӀайазйина йу. ГIуллакх нахаладаьллачул тIаьхьа машен сацийна, Ярославан вокзале йухайалийра, амма Щепихин машен чохь а воцуш. Оццу сарахь полисхоша дӀахьедира, хилларг талла долийна шаьш аьлла.

Мангал-беттан 4-чу дийнахь делкъал тӀаьхьа бен ца хиира бизнесхо мичахь ву, иза маьршаваьккхира. "ВЧК-ОГПУ" пабликан информацица, Щепихин дӀахецнера "Кремлера а, ФСБ-н директоран хьалхарчу гӀовса Королев Сергейс а йеллачу сигналца". Baza телеграм-канало йаздира, "нохчийн ницкъхоша" иза "Филатов Луг" олучу метрон станцина гена йоццуш йолчу кафе чохь латтийнера аьлла. Журналисташа дийцарехь, Щепихинна йиттинера, къинтӀера бохуш видео дIа а йазйайтинера. Ша маьршаваьллачул тIаьхьо блогеро дIахьедира: "Украинаца зIенаш йуй а, оппозицица со воьзна вуй хаа а хьийзара уьш. Цхьа шо ма дара цара со социалан машанашкахь бале лаьцна. Оцу доллучунна а са тоьхна Iаш вара со. Наха олура соьга, хьо ишта са а детташ, Iийр волуш ву, хьайга хIуъа дийцарх а. Суна и ца тайра. ТIаккха аса нохчашна дена диттира, бусалба нахана дена диттира, цул тIаьхьа меттахбевллера уьш".

Охан-беттан 4-чу сарахь Оьрсийчоьнан Талламан комитето хаамбира, "Ярославан цӀерпоштнекъан вокзална гергахь цхьана стагана дуьхьал адамийн тобано низамехь доцу гӀуллакхаш дар бахьана долуш" бехктакхаман гӀуллакх долийна аьлла. ШолгӀачу дийнахь урхалло хаийтира, таллам дӀахьош бу стаг лачкъорх а, даржехь совбийларх а лаьцначу артиклашца, ткъа бехк кховдийна бохура "6 стаге". Церан цӀераш талламчаша ца йехира.

Цуьнца цхьаьна Москвахь тӀечӀагӀдира, Щепихинна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх долийна хилар, интернетехь массарна а гуш-хезаш экстремизме кхайкхамаш бар а, цабезам йа мостагӀалла гӀаттор аьллачу артиклийн буха тӀехь. Мангал-беттан 6-чу дийнахь Москвара Замоскворецкан кIоштан кхело лецира Щепихин.

Халахеташ делахь а, хьо, Арег, эрмало вац, ахь эрмалойн мотт буьйцург ву

Кхул а де хьалха, мангал-беттан 5-чу дийнахь, Щепихин лачкъийначу нахана дIасабовлар доьхуш сацам бара тIеэца безарг, хетарехь. Амма 9-чу дийнахь Baza телеграм-канало хаам бира, бехкевечу нахах 6 стаг закъалтана ахча а делла, дӀахецна, дIасабовлар а доьхкуш аьлла. "Новая газета Европа" газето, хьостанашна тӀе а тевжаш, чӀагӀдора, кадыровхошка тешашка санна хеттарш дина хиллера, царна дуьхьал цхьа а бехк а, йа шеконаш а кховдийна йац бохуш. Мангал -беттан 7-чу дийнахь дуьйна Нохчийчохь бу уьш. "Бехктакхаман гӀуллакх царна дуьхьал долорах хаттар дӀадирзина даьлла ду", - аьлла, дӀахьедира Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думан депутат волчу Делимханов Адамна гергарчу хьостано.

Щепихин лачкъийнарш Делимхановн нах хилла аьлла, верси гучуйелира цу сохьта бохург санна. Иза дуьххьара билгалдаьккхинчех бара Кадыровн Ӏедална критика йеш волу блогер Абдурахманов Тумсо а, нохчийн оппозицин НИЙСО боламан жигархой а. Цара иштта дӀахьедира, Ярославан цӀерпоштнекъан вокзалехь хиллачу барамашкахь дакъалаьцначех цхьаъ депутатан гӀаролхо Чурчаев ВисIела хилар. "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канало йаржийра Делимхановн озаца аудио, цо дуьйцура Щепихин лачкъорах лаьцна, иза "экстремист" ву а бохуш. Билггал къамелдийриг иза ву аьлла, тIечIагIдойла йац.

Мангал-беттан 5-чу дийнахь "ВЧК-ОГПУ" канало цӀераш йехира блогер лачкъийнарш ву аьллачу йалххе а стеган. Лакхахь хьахийна волу Чурчаев ВисIела, ресурсо дийцарехь, Росгвардин ОМОН "Ахмат-I" олучу нохчийн декъехь взводан командиран гӀовс ву. Цигахь гӀуллакх деш ву Щепихин лачкъийна ву боху кхин цхьаъ - Айдамиров Аслан а.

ЧIагIдарехь, Кусаев Ӏаьлви а хилла боху цаьрца. 2007-чу шарахь Саратовехь эскархойх латарна итт шо хан тоьхнера цунна. ХӀетахь велира 19 шо долу Мажуга Валентин, къорза берет йаьккхина хилла а вара иза. "ВЧК-ОГПУ-н" хаамашца, Кусаев карарчу хенахь Москвара "Гриль Град" ресторанехь болх беш ву, лачкъийначул тӀаьхьа цигахь латтош хиллера Щепихин.

"Мерседес" машен чохь хиллачех ву бохуш вуьйцу воьалгIа кадыровхо Маштригов Рамзан а ву цхьана заманчохь кхел йина. 2004-чу шарахь Казахстанехь наркотикаш лелорна арахь йаккха хан тоьхнера цунна; кхин дерг хууш дац оцу гIуллакхах. Висина важа шиъ, йаьржинчу информацица, полицин белхахо хилла Мусаев Роман а, гӀишлошъяран "ПИК" компанехь болх беш волу Амаралиев Расул а ву.

Нохчийчуьра Iедалхойн позици

Щепихин лачкъорах лаьцна комментари ца йина Делимхановс. Кадыров Рамзанан а цхьа а реакци ца йира - цуьнан метта цо дийцира, масала, тIамтIера нохчийн дакъошкахь долчу хьолах а, Украине керла "лаамхой" хьажорах а, тӀеман а, къинхьегаман а ветеранашна пансионат схьайелларх а, ткъа иштта ГIурбанан денош а, социалан белхахочун де а, Нохчийн республикин администрацин 25 шо кхачаран де а даздарх.

Повестка кхочушдан дийзира Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу зӀенехула а, зорбанан а, информацин а министран Дудаев Ахьмадан. Мангал-беттан 4-чу дийнахь Ӏуьйранна цо зорбане йаьккхинера Щепихинан инстаграмера кхо видео. Цхьана чулацамах лаьцна оха дийцира шуна хӀокху текстан йуьххьехь. Вукху шинна тӀехь бизнесхочо кхайкхамаш бо бусулбанашна а, жуьгташна а, нохчашна а, дагестанхошна а тӀехь ницкъ баре, ша оьрси а, эрмало а ву бохуш, "Москва-Ситихь" криптовалютан операцеш лелош ву ша а бохура цо.

Видеошца цхьаьна йазйинчу текстехь Дудаевс дӀахьедира, Щепихин лачкъийна вац, иза лаьцна ву "Москвара хьакъйолчу хьукматашца йукъаметтигаш лелош болчу" низамхоша аьлла.

Цо дийцарехь, республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло мангал-беттан 3-чу дийнахь дуьйна талламаш дӀахьош бу зуламхочо "динехь болчу нехан синхаамаш сийсазбан, динан, къоман билгалонашца сий даъйа Ӏалашонца лелийнарг зуьйш". Кхело бина цхьа а сацам а боцуш, Дудаевс Щепихинах "зуламхо" элира, "Москварчу низамхошца зӀенехь бу" Нохчийчоьнан цIарах депутаташ аьлла, билгалдоккхуш. "Щепихина динчу зуламех лаьцна" информаци цара дӀакхачийна бохура кхерамазаллин структурашка. Дудаевс билгал ца даьккхира ша буьйцурш муьлха депутаташ бу.

Кадыровн министро тӀетуьйхира, кхин дIоггара къизаллаш йоцуш нисделира иза "лацар", Ярославан цIерпоштан некъан воказалехь дIайаьхьначу операцин декъашхоша "дахар а, мел лахара а, могушалла а ларйира" Щепихинан, "хӀунда аьлча бӀеннаш эзарнаш бусулбанаш а, бусалба нах боцурш а хьаьгна бара, къаьмнашна а, динашна а йукъахь мостагIалла даржочу стагера жоп деха" аьлла.

Дудаевна тӀаьхьа а хӀоьттина, Соьлжа-ГӀалин позици билгалъйаьккхира Нохчийчуьра адамийн бакъонашларйархо волчу Солтаев Мансура. Махкара а, ишта Оьрсийчоьнан регионашкахь а бехачу нохчийн дехарш-кехаташ луьсту ша бохуш, цо кест-кеста хаам бо, амма тергал ца до Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорах лаьцна бакъонашларъярхоша а, журналисташа а дуьйцуш дерг. "Пачхьалкхан йамартхо" ву Щепихин аьлла, кхайкхам бира Солтаевс. Кхайкхамбира "Украинан а, Малхбузен а лерринчу сервисашна болх беш ву-вац иза" къастош таллам бан беза аьлла. Ишта элира иза "лецар" низамехь ду а.

Цхьана агӀонгахьа гIодаккха, цхьана агӀонгахьа озабезам бан йиш йуй вайн хӀинца? ХӀан-хӀа!

ТӀаьхьо Кадыровн омбудсмено тӀетуьйхира ша аьллачунна, Оьрсийчоьнан Коьрта прокуроре кхайкхам кечбина ша, Щепихин жоьпе озавар доьхуш аьлла. "Суна хетарехь, иза тIамтIе вахийта веза. ТIаккха дуккха а хаттарш дӀадевр дара цуьнан коьртера. Ткъа СВО-хь болчу кӀентийн а дуккха а хеттарш ду цуьнга - цо шен дешнех жоьпаш лур дара царна", - аьллера Солтаевс.

Иштта, "Ахмат" лерринчу ницкъийн декъан буьйранчас, Алаудинов Аптис дӀахьедира, тIамтIехь болу эскархой а саготта бу, Щепихинца хиллачу конфликтана аьлла. Цо йуьхь йаьккхира Москвара ницкъахойн, хьалххе Щепихин ца лацарна, къадийра, къоман билгалонашца цара озабезамаш беш хилар. Алаудиновс дийцарехь, Оьрсийчохь нохчашца алсам шогалла лелайо. "Ахматан" командиро дӀахьедира: "Ас дуй буур бара, нагахь санна, миччахь а суо цунна [Щепихинна] тIеIоттавеллехь, сан куьг тапчана тIе кхевдар дара аьлла".

Цул тӀаьхьа цхьа могӀа видеш дIайазйира Украинана дуьхьал бечу тӀамехь дакъалоцучара (дукхахберш эрмалойн орамаш долу нах бара) Щепихинна луьйш берш.

"Цхьатерра бехкашдахар" церан йукъахдаьккхира диверсин-штурман, талламчийн "Русич" олучу тобанера неонацисташа. Цара шаьш реза цахилар хаийтира нохчий сийсазбинарг лацарна, ткъа иза лачкъийнарш маьрша битарна. "Вайн Оьрсийчоьнан Федерацехь цхьа тамашийна харцо йу", - аьлла дIахьедира "Русич-н" векалша. Йуьхьанца шайн публикацехь кадыровхой "кхахьпанийн бераш" ду элира цара. Амма цул тӀаьхьа шайн постехь хийцамаш бира, Щепихине аьлла "провокатор, дол***б" дешнаш дуьтуш. Билгалдаккха догӀу дечкен-баттахь лакхахь хьахийна волу Алаудинов Апти "Русич" куьйгалхочуьнца Мильчаков Алексейца цхьаьнакхетар.

Дукха хьем ца беш, реакци йира оцу гIуллакхан официалан бусулба динан дайша. Дуьххьара Нохчийчоьнан муфтийс, республикан куьйгалхочун хьехамчас Межиев Салахьа дӀакхайкхийра, Щепихинан къамел бахьана долуш "кӀорггера оьгӀазло а, эргIадалла а" шайн хиларх. Оцу кепара бистхилира Къилбаседа Кавказерчу бусулбачийн Координацин центрехь берш а (цуьнан куьйгалхо ву изза Межиев). Цара дӀахьедира, Щепихина нохчех а, бусулбачу нахах а лаьцна деш долчу "боьхачу дӀахьедарша" Оьрсийчоьнна кхерам бохьу, хӀунда аьлча, оцу хьоло "кӀорггера йукъараллехь карчам бан а, нах бекъа а тарло" - нагахь санна луьра таӀзар ца деш дитахь аьлла.

Нохчийчоьнан Ӏилманийн Академин президенто, цхьана хенахь махкарчу информацин министр хиллачу Умаров Джамбулата а кхайкхам бира "зуламхочунна дан доггIу таIзар де" аьлла. "Вайна, нохчашна, йукъахь а бу, кху дахарехь шайн меттиг ца карош, кхеташ йоцу молекулаш санна, гонаха лелаш берш. Оха олу царех нохчийн мотт буьйцурш. Халахеташ делахь а, хьо, Арег, эрмало вац, хьо эрмалойн мотт буьйцург ву", - аьлла Кадыровн уллорчу накъоста.

"Новая газета Европа" хьосто йаздарехь, карарчу хенахь Нохчийчоьнан прокуратуро а, омбудсмено Солтаевс а бух кечбеш бу Щепихинан гӀуллакх а, иза ша а республике схьавалар доьхуш. Волгоградехь КъорӀан дагийна аьлла Соьлжа-ГӀалахь кхел йинчу Журавель Никитин гӀуллакх а санна. Регионерчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллерчу журналистийн хьостано дӀахьединера: "Цара хӀинцале а меттиг кечъйеш ю оцу м*****-на Соьлжа-ГӀаларчу СИЗО-хь, ткъа тоьхна хан Чернокозовохь [колонехь] токхур йу цо. Иза дийна кхузара аравер вац".

Кадыровн дуьхьалончашна хетарг

Кадыровн Ӏедална дуьхьал болчу нохчаша а негативе тӀеийцира Щепихинан сийсаза къамелаш. Оцу йукъанна цара билгалдаьккхира кадыровхоша лелочу гӀуллакхашкахь "шалха стандарташ" хилар. Масала, блогерша Абдурахманов Тумсос а, Белокиев Ислама а карладаьккхира Тепсуркаев Салманан гӀуллакх. 1ADAT телеграм-каналан чатан модератор хилла ву иза, 2020-чу шарахь Геленджикехь лачкъийра иза. ТӀечӀагӀбазчу хаамашца, Нохчийчохь шена тӀехь къизаллаш лелийначул тӀаьхьа оццу депутато Делимханов Адама вийна иза бохуш дуьйцу, граната а оьккхуьйтуш.

"Вайн "мехкан дайн" Кремлерчу элаша Щепихинан гӀуллакхах йист ца йаккхийтира цаьрга. Цхьаммо телефон а тоьхна, омра динера, иза дӀахеца аьлла. Амма Тепсуркаев дIахеца аьлла, цхьаммо а телефон ца туьйхира, цара иза хIаллаквира", - бохура Абдурахмановс.

Кадыровн критикаша иштта дагадаийтира ницкъахоша оппозицин вежарийн ЯнгулбаевгӀеран нана, республикехь чохь латтош йолу Мусаева Зарема лачкъор а. Кадыровхоша нохчий лечкъош, царна тIехь гӀело латтош масалш дукха ду, билгалдоккху оппозицин блогерша. Цундела, бохура Белокиевс, уьш бIаьрга бахка ца беза.

"Вайн хӀинца йиш йуй цхьана агӀонехьа гIо даккха, цхьана агӀонехьа дог лозуш хилар дIагайта? ХӀан-хӀа! Цара [кадыровхоша] лаьцна, лачкъийна стаг, оццу "Оьрсийн юкъараллера" зуламхойх цхьаъ ву. Иза царел гIоле вац, иза церан тӀегӀанера стаг ву. Амма иза лаьцнарш, лачкъийнарш а бу ма-дарра аьлча, царех болу нах…И нах тхуна йамартбевлла, ахчанах, "Стечкинех", йезачу машенех бохкабелла нах бу", - элира Белокиевс.

Иштта шина а блогеро критика йира, Щепихин нохчаша лачкъийна хиларна оьгӀазбаханчарна а.

"Аьлча а, Оьрсийчоьнан полици маьждигашна чу а лелхаш, мигранташ дӀа а лехьош – уьш берриш а лаьтта лаьтта охьа а бохкуш, масех сахьташкахь латта а беш, цул тIаьхьа автобусаш чу а буьттуш, полицин дакъошка дIабуьгуш, царна дена а детташ уьш хьийзочу заманчохь цхьаьннан а бала а ца кхочура. И дан мегаш дара. Амма нохчаша и дича - тӀаккха оьгӀазло гIаттайо. Аьлча а, кхеташ ду-кх шу, Оьрсийчоьнан спикершна мегаш ду, Оьрсийчоьнан полицино мажош йолу нохчий хьерча а беш, лечкъор. Амма ца тов царна мажош йолу нохчаша Москвахь Оьрсийчоьнан бахархой лецар. И мажош йолу нах – Оьрсийчоьнан нцкъалин структурийн белхахой белахь а", - билгалдаьккхира Абдурахмановс.

Изза ойла шен хилар хаийтира Белокиевс а. Цунна хетарехь, кадыровхой Оьрсийчохь "шайн нахах цхьаъ" ца хетта хIинца а, цара Кремлан агӀо лаьцнехь а: "Вуьшта аьлча, "оьрсийн дуьнено", цунна уьш бохкабеллехь а, царна лерина уггаре а деза мел дерг а доьхкина, цунна лерина шайн нах лечкъош, бойуш уьш леллашехь, тIе ца лоцу уьш. Чурканаш а, чучмекаш а олу царех даим а санна".

Кегийрхошна товш ду иза, царна кадыровхойн васташ дикачу агIор го

Оьрсийчохь кадыровхошка болу хьежам нийсса иштта хета бохучунна реза ву, ша а йахначу хенахь даймахкахь гӀело лайна волу нохчийн политолог Кутаев Руслан. Тхан сайтана йеллачу интервьюхь цо мукӀарло дира, къаьмнаш сийсазден Щепихинан видеош, иза лачкъийначул тӀаьхьа бен шена гина йац аьлла. Амма, бохура цо, оцу роликаша массо а вина сийсаз.

"Москвана гӀортор мел йийраш, Москвана дуьхьал тӀом беш берш эргIад бахийтина цо. Юкъарчу хьесапехь нейтрале болу, йа цаьрца а, йа вукхаьрца а боцурш а цхьана оьгIазбахна бу. Вас хилла бусалбанашна, вас хилла дагестанхошна, вас массарна а хилла. ХӀунда аьлча, оцу стага нохчех, дагестанхойх бусалбанех цхьатерра деш ду и къамел. И хIуманаш йу цара тхоьга, кавказхошка, йуьйцурш даим. Цара боху: уьш бу тхан мостагIий, царна боккъала а ишта хета а хета и, хуьлийла хьо Закаев, хуьлийла хьо Кадыров. Царна тхо дерриг а цхьатерра шайн бIаьрга дахка ца деза", - дIахьедира Кутаевс.

Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан ницкъаллин системехь гIело йаран йукъара тӀегӀа тидаме эцча, кадыровхоша мелла а дика витина Щепихин. Ткъа иза лачкъорна йукъараллехь хиллачу реакцех, цунна хетарехь, боккъал а гуш йу ксенофобин билгалонаш –"Оьрсийчоьнан Ӏедал лелош берш" кавказхой хилар бахьана долуш ду иза.

Оцу девна йуккъехула Оьрсийчоьнехьа йолчу Нохчийчуьра рожан агӀончийн а, дуьхьалончийн а позицеш дагахь а доцуш гергайаьхкина хиларна, реза ву Кутаев. Амма, цо бахарехь, иза дац кадыровхошна, цара мел лелийначу зуламашна гечдина бохург. Мелхо а нийсса бӀостанехьа ду: кадыровхой кхеташ бу, шаьш Кремлна мел чIогIа муьтӀахь хиларх а, оцу системехь шаьш даим а арахьара нах санна дуьсург хиларх.

"Цхьаммо а дIадойуш дац кадыровхоша дина зуламаш. Цара со хьийзийна - со саннарш дуккха а бу. Цара дуккха а нах байина. Иза цхьаммо а диц ца до, цхьаммо а уьш жоьпаллех мукъабохуш бац. Амма вай нийса хила деза церан кхечу гӀуллакхийн мах хадорехь. ХӀинца уьш кхетаме богӀуш бу - мел чӀогӀа оцу рожана мутIахь хила шаьш гӀертахь а, уьш цкъа а хетар бац шайн гергара", - бохура Кутаевс.

Кхин хьажам а бу. НИЙСО боламехь болчарна хетарехь, Щепихин лачкъор – рогIера "пиар-акция" йу, Кадыровн раж чIагIйан Iалашонца йина.

"Иштта нисделла хIума ду хIара, даим а санна, цунах пайдаэца лиъна царна... ХIара тайпа акцеш церан кест-кеста хуьлуш йу: ФСБ-но кест-кеста шайггара даккхий бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьалдоху, шаьш тIехь латтош терго йу аьлла, сурт хIоттош. Меттигерчу бахархошна гергахь шайн нохчийн марионетийн рожан "авторитет" лакхайаккхархьама, коьртаниг, Оьрсийчохь билггал йолчу йаккхийчу проблемех нехан терго йайъархьама дина хIума ду", - элира хьалхо оппозицин боламан векалша.

Политолога Кутаевс йукъара ца доккху, хӀокху ханна цу тайпа йолчу "пиар-кампанино" царна пайдабохьург хилар: "Нохчийчуьрчу кегийрхошна товш ду иза, царна кадыровхойн васт дикачу агIор ган доладелла. Тарло, селхана цара цуьнан лулахочунна гӀело йина хила а, амма цара ишта шаьш гайтаро [Щепихинца санна] – оцу суьрто имидж хуьйцу".

  • "Ахмат" цIе йолчу нохчийн спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис Сочера динан дайх "оба йоьхна тентак" аьлла, православин жигархошна йукъахь оьгӀазло эккхийтина цо и алар бахьана долуш. ХIара дуьххьара хилла хIума дац лаккхара даржехь волу кадыровхо нахала а волуш, девне вуьйлу. Украинана дуьхьал тӀом болабелчхьана дуьйна, цуьнан хӀинцале а дов даьлла ультрааьтто агӀончашца а, z-патриоташца а, Курскан кӀоштан бахархошца а, оьрсийн пропагандисташца а, шен махкахошца а. Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу гонера стеган болх и бу-те, йа шен лаамехь цо лелош хIуманаш ду-те уьш - дуьйцу кху материалехь.